Мотт беза, къам деза
27.04.2025Ассаламу 1алайкум!Нохчийн мотт безачарна, и мотт бевзачарна боккха кхаъ хуьлий дог1у х1ара де–оханан беттан ткъе пхоьалг1а де. Ма-дарра аьлча, къам меттахь латтон г1ирс бу вайн мотт. Цуьнан г1оьнца д1акхайкхадо къомо шен хазахетарш, синлехамаш, синмехаллаш, оьшучохь барт бо, оьшучохь г1азот а кхайкхадо. Ненан маттахь хестайо нана, Даймахке безам а буьйцу, къоначийн ирс а кхуллу...Иштта, тахана Нохчийн меттан Денна лерина, "Мотт беза, къам деза" мероприяти д1айаьхьира Гуьмсан С. С-А. Джунаидовн ц1арахчу хьехархойн колледжехь. Хьалхарчу курсан студенташа, нохчийн меттан хьехархочун Умаров 1абдулмуслиман Лом-1елин г1оьнца, йийшира байташ, дийцира нохчийн меттан хазаллах, цуьнан хьалдолш хиларх, и шайна оьшуш а, безаш а хиларх лаьцна. Гуш дара, хьехархочо бина болх эрна цахилар. Байташ хаза а чулацаме а хиларал сов, поэзин исбаьхьчу маттахь студенташа гайтира нохчийн меттан к1оргалла, цуьнан шорталла... Дагах кхеташ хаза а, доггах а йара и башха мероприйати.Дала т1аьхье беркате йойла.4Оценили 4 человека