Нохчийн маттахь тоьлла сочинени
26.03.2025Ассаламу 1алайкум!Бекарг беттан 25-чу дийнахь С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу Гуьмсан хьехархойн колледжехь хилира "Нохчийн маттахь тоьлла сочинени" ц1е йолуш къовсадалар. Оцу мехалчу мероприйатехь дакъалецира 1-чу, 2-чу, 3-чу, 4-чу курсийн студенташа. 1аламат доккхачу жоьпаллица бора студенташа и мехала болх, х1унда аьлча, шайн ненан маттахь ойлайан а, и ойла йозане йаккха а хала дац, нагахь стагана шена ша мила ву хаахь, шен маттах стаг вашахь, шен орамаш бевзаш и велахь. Колледжехь оцу т1ехь студенташца беш беркате болх бу, цундела ларамаза дацара, сочинени йазйан лууш берш алссам хиларан.Къовсам д1абаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Исламова 1имранан Жанната. Къоначу хьехархочо ша а доккха дакъалаьцна оцу кепарчу мероприйатешкахь студентка йолуш, хийла хьалхара меттигаш а йаьхна цо, ткъа карарчу хенахь къоначарна шен хаарш д1алуш къахьоьгуш йу Жаннат.Толамхо билгалвича региональни т1ег1анехь д1ахьур бу къовсам.Дала аьтто бойла вайн студентийн. Дала т1аьхье беркате йойла!