Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Ассаламу 1алайкум!

06.12.2024
НР-н Парламентехь д1адаьхьира «Кегийрхойн кхолларалла» къовсаман толамхой декъалбар. Гуьмсе-Г1алин С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу хьехархойн колледжан студенташ а бара толамхойн декъехь. «Поэзи» номинацехь 2-г1а меттиг йаьккхина Шабазов Юнайдин Мялхазнис, 9-3«Б»; «Проза» номинацехь 2-г1а меттиг йаьккхина Ибуев Исмаилан Раянас, 9-2 «В». Толамхошна мехала совг1аташ дира. Дала кхиамашкахь совбохийла вайн студенташ! Дала т1аьхье беркате йойла!