Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Студенташца цхьанакхетар

11.10.2024
Гуьмсера С. С-А. Джунаидовн ц1арахчу хьехархойн колледжехь д1адаьхьира студенташца рог1ера цхьаьнакхетар. Колледжан 1еламстага Ахматгереев Бештос хьехам бира студенташна. Хьехаман ц1е йара "Нохчийн г1иллакх-оьздангалла", аьлла. Кхузаманахь къаьсттина оьшу, кегийраш кхетош-кхиор динца а, иштта цуьнца цхьаьна дог1уш, диканиг деш, и вовшашна йукъахь даржош, оьздангаллин гурашкахь х1ораммо шен дег1 а, лаамаш а кхабар. Студенташа, даим санна, доккхачу баркаллица ладуьйг1ира 1еламстеган хьехаме. Иштта цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлу колледжехь. Вайн студенташ кхетош-кхиорехь къахьоьгур ду-кх вай, Дала мукъ лахь! Дала т1аьхье беркате йойла.