Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Ассаламу 1алайкум!

10.07.2024
Тахана шен вина де даздеш ву Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр Дааев Буарин Хож-Бауди! Лераме Бухарин Хож-Бауди! Даггара декъалво хьо винчу денца! Дагахь мел дерг кхочушхуьлуш, дуьненан баланаш генабовлуш, диканаша б1аьрг белош, ирсо гуо туьйсуш хуьлда хьан дахар. Дала могуш-маьрша волуш, дуккха а шерашкахь вахавойла хьо! Тахана санна, халкъана, махкана пайденна а волуш, вайн Мехк-Деца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанаца Нохчийчоьнан кхане кхиорехь къахьега Дала могшалла, хьуьнар лойла хьуна! Вайн Нохчийчоьнан дешар а, 1илма а кхиорехь ахь хьоьгу къа Дала меле дуьллийла. Ахьа йуьхьарлаьцначу некъа т1ехь аьтто хуьлда хьан!