Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Ассаламу 1алайкум!

10.05.2024

Зама заманца хийцалуш, болар сихдина д1айоьду хан. Хетало, селхана долш санна дерриг а. Сингаттам гена ца болу, дог 1ийжош, вайца беха и даим а.  2004-г1а шо. Х1утосург беттан иссалг1а де. Нохчийчохь Тезет х1оьттина де. Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо, Кадыров 1абдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа кхелхина де. Шовзткъе шийтта шо бен доцу и башха Къонах шен доцачу дахарехь кхиира Нохчийчохь т1ом сацо, маьрша дахар шен къоме д1акховдо, халкъан дог парг1атдаккха, берийн ирсе беларшка ладог1а. Ма дукха дара дан леринарш, ма дукха бара сатийсамаш... Йамартчу мостаг1чо хадийра Къонахчун дахар... Нохчийн къоман т1амарх схьаваьллачу Къонахчунна дика йевзара халкъан дог-ойла, цундела цо майрра д1акхайкхийра Нохчийчохь 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь Референдум. Цо гайтира, халкъ Россица цхьаьна хила лууш хилар. Адамаша маьрша дахар хаьржира, ткъа кестта хиллачу харжамашкахь уггар а хьакъверг Нохчийн Республикин Президент а хаьржира–и вара Кадыров 1абдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа. Дукха дара дан леринарш... Амма къизачара хадийра оцу къоман башхачу к1ентан дахар... Турпалхой леш бац. Уьш баха буьсу, шайн г1уллакхашкахь, халкъан иэсехь, иллешкахь... Нохчийчоьнан парг1атонан, машаран байракх к1анта хьалаайбира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана чекхдехира дан долийнарш, кхочушдира ден весеташ...Халкъо цкъа а вицвийр вац 1абдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа. Вай тахана маьрша дахийта, шен уггар а йоккха мехалла–дахар–д1аделла цо.Дала г1азот къобалдойла хьан, нохчийн йахь йолу Къонах!