Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Ассаламу 1алайкум!

27.04.2024

Оханан беттан 25-чу дийнахь, Гуьмсе-Г1алин С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу хьехархойн колледжехь, вуно хаза мероприйати д1айаьхьира – «Сан сийлахь ненан мотт». И кечйинарг, д1айаьхьнарг йара нохчийн меттан хьехархо Исламов 1имранин Жанната. Ненан меттан исбаьхьалла гайтира студенташа сценкаш х1иттош, байташ йоьшуш, эшарш лоькхуш.Мероприйати йерзош, вистхилира колледжан директоран хьалхара заместитель Кагерманов Сайд- 1елан Абу -Салахь а, Оргкомитетан председатель Умаров 1абдулмуслиман Лом-1ела. Дуккха а баркаллин дешнаш хезира мероприйати кечйинчу студенташна, хьехархочунна, иштта хаза болх барна. Дала т1аьхье беркате йойла!