Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Ассаламу 1алайкум!

24.04.2024

Тахана Гуьмсе-Г1алин С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу хьехархойн колледжехь доккха дезаде хилла д1ах1оьттира 1-3 курсийн студенташа, хьехархочун Маллаева Амхьадан Загрин куьйгаллица, кечйина стоьлаш, «Нохчийн кхача» – иштта йара мероприйатин ц1е. Студенташна, церан наношна баркалла олура массара а. Ахьаран сискал, т1о-берам, к1алдаьтта, ниттийн хьалт1амш, ч1епалгаш, хингалш, ахьаран галнаш, кхехкийна дакъийна жижиг, йоьхьаш, жижиг-гала – доцуш даарш дацара стоьлашна т1ехь. Хьехархоша, студенташа дезар ийцира оцу башха чомехьчу даарех. Йуха а, Дела реза хуьлда оцу т1ехь къахьегначарна. Дала т1аьхье беркате йойла!