Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Нохчийн меттан шарна лерина даздарш, т1аьхь-т1аьхьа болар сихдеш, жигара д1ахьуш ду вайн махкахь.

18.11.2023

 Лахьанан беттан 17-чу дийнахь Гуьмсан С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу колледжехь хилира нохчийн маттахь тоьлла сочинени йазйаран къовсам. Къовсам кечбинера нохчийн меттан хьехархочо Маллаев Амхьадан Заграс. 4-чу курсан студенташна йукъахь д1абаьхьира къовсам. Тайп-тайпана чулацам болуш, кхо тема йара йукъайиллина: 1. «Хьо баха бисалахь, нохчийн мотт!»; 2. «Нохчийчоь - къонахий кхиийна латта»; 3. «Нохчийн 1адаташ». Шина сохьтехь сочиненеш йазйира студенташа. Толамхой билгалбийр бу, мехала совг1аташ а дийр ду. Дала т1аьхье беркате йойла!