Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Карара шо беркате хилла д1ах1оьтти вайн махкахошна, коьрта шеран хилам–Нохчийн меттан шо кхайкхор, и даздар а долуш.

24.11.2023

Схьахетарехь, цхьа а стаг йуьстах ца лаьтташ, доггахчу лаамца, бовхачу безамца д1адаьхьира бахархоша а, организацеша а, пачхьалкхан хьукматаша а х1ара шо даздар. Иштта, Оргкомитето х1оттийначу планаца нийса а дог1уш, С-А. С. Джунаидовн ц1арахчу Гуьмсан хьехархойн колледжехь хилира мероприйати "Нохчийн меттан говзанча". И кечйинарг, д1айаьхьнарг йара колледжан хьехархо Асхабов Бауддин Зураъ. Дакъалоцуш берш–4-чу курсан студенташ. "Даймохк", "Ламанан б1ов" ц1ераш йолуш, шина тобанна йукъахь къовсадалар хилира. Ала деза, къовсамна йукъадехкина т1едахкарш аттачех дацахь а, студенташа шайн ненан матте болу безам, хаарш гайтира. Маххадорхоша: Дециев Баудин Вахарсолтас–нохчийн меттан хьехархочо, Умаров 1абдулмуслиман Лом-1елас–нохчийн меттан хьехархочо, Маллаев Амхьадан Заграс–нохчийн меттан методикин хьехархочо, Исламов 1имранан Жанната–нохчийн меттан хьехархочо, таллам бира къовсаман. Иштта къовсамна т1ехь тидам латтош бара администрацин белхахой а: Таусиев Шарипан Элита–дешаран декъехь директоран заместитель, Кутуев 1азин Малика–кхетош-кхиоран декъехь директоран заместитель. Хаза а, самукъне а, шеца дуккха а пайденна хаарш долуш а д1абахара къовсам. Жам1 дича, "Ламанан б1ов" тобанан 62, "Даймохк" тобанан 57 баллаш нисйелира. Толамхо–нохчийн мотт а болуш, д1айирзира и хаза мероприйати. Дала т1аьхье беркате йойла.