Цхьанаметта лаьтташ йац хан… Тай т1е хьийзадо суьлхьанаш санна, т1едузуш шераш а ду, генайолуш селхане а йу.
23.08.2023Амма, вайн иэсехь бисина цхьаболу, вайн историн инзаре хиламаш бу. Уьш цкъа а, нохчийн къам мел деха, бицлур болуш, ширлур болуш бац.
Ишттачарех бу нохчийн къоман турпалхой а.
Турпалшна йукъахь турпал а, къонахашна йукъахь къонах а волуш, нохчийн х1инцалерачу историн коьрта къилба шех хиллачу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров 1абдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) кхузткъе шийтта (72) шо кхечи тахана. Дерриг нохчийн къам, дерриг бусулба адам ду вайца х1ара доккха де доькъуш.
Ахьмад-Хьаьжин турпалаллин, цо вайна йеллачу парг1атонан мах хадалур бац хан хене йаларх. Машар, Маршо–б1ешерашкахь вайн къомо сатийсина хазна йелла цо вайна!
Колледжан хьехархочо Умаров Лом-1елас йазйинчу байтан мог1анашца ала лаьа:
– Йиш йуй хьан ца даха иллеш а цунна?
Шен дахар делла цо, Нохчийчоь, хьуна!
Хьан бераш–тхо–тахна эвххьаза лела
Хьан букът1ехь, Нохчийчоь, хастам бу Далла...
Дехар ду вай, вешан маьршачу дахаран пусар деш, и маршо вайна йаьккхинарш биц ца беш, церан сий деш, т1аьхьарчу т1аьхьене и ларам д1акховдош.
Аллах1-Дала дика дина къонах вара Ахьмад-Хьаьжа, миллионаш бусалбанийн дагчохь ва́ха висина и массо а ханна!
Дала г1азот къобалдойла хьан, 1абдулхьамидан во1 Ахьмад-Хьаьжа! Дала декъалбойла нохчийн къоман маршонехьа шайн дахарш д1аделла болу хьан накъостий, тхан вежарий!
Аллах1-Дала, аша бода эккхош латийна машаран стогар цкъа а д1а ма бойтийла Нохчийчохь!