Нохчийн меттан шарна лерина даздарш, т1аьхь-т1аьхьа болар сихдеш, жигара д1ахьуш ду вайн махкахь.
13.04.2023Оханан беттан кхойтталг1ачу дийнахь Гуьмсе-Г1алин С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу колледжехь хилира рог1ера мероприйати, «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени». Колледжан актови зала чохь гулбеллера хьехархой а, студенташ а. Сочинени йазйан лаам гайтинчу студенташна леррина хаза кечйина мероприйати гайтира 1-чу курсан студенташа. Къоначу, хинйолчу хьехархочо, 4-чу курсан студенткас Исламова Жанната боккха болх бинера, нохчийн йозанан 100 шо кхачарна лерина сочиненеш йазйеш болчарна чулацаме программа гайтарна. Тайп-тайпана чулацам болуш, пхи тема йара йукъайиллина: 1. «Ненан мотт–синпхенийн зов ду»; 2. «Даймехкан 1индаг1ца аьхналла йу»; 3. «Сан сица йеха хьо, нана!»; 4. «Вайн къоман турпалхой–маршонан б1аьвнаш»; 5. «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла». Х1ора темина шена-шена лерина йара концертни программа–байташ йешар, сценкаш, эшарш, забарш. Студенташа дика кечам бар бахьанехь, хьовсархойн ч1ог1а самукъа а делира, сочиненин декъашхошна дика догдаийтар а (мотиваци) хилира цунах. Сочиненин тема къасторан кхаж белира Оргкомитетан председателан Умаров 1абдулмуслиман Лом-1елин, цо даьстинчу конверт чохь йара йоьалг1а тема «Вайн къоман турпалхой–маршонан б1аьвнаш». Концертни программа д1айаьлча, декъашхошка вистхилира колледжан директор Магомедов 1аладин Зайнди, директора хьалхара заместитель Дааев Бухарин Вахахьаьжи. Бухабисинчу студенташа (уьш ткъа вара), шина сохьтехь сочиненеш йазйира. Тоьллачо региональни къовсамехь дакъалоцур ду. Студенташа а, хьехархоша а баркалла элира и къовсадалар кечдеш, д1ахьош къахьегначу Исламова 1имранан Жаннатина.