Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

«Нохчийн маттахь тоьлла сочинени»

04.10.2022

Тахана, Соьлжа-Г1алахь, Нохчийн меттан институтехь хилира цхьаьнакхетар, иза лерина дара кху шеран юьххьехь хиллачу «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» республикин къовсадаларан толамхой декъалбеш.

 Ала деза, оцу къовсадаларехь дакъалоцуш Гуьмсе-Г1алин С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу хьехархойн колледжан студентка Исламова 1имранан Жаннат хилар. Жанната 2-г1а меттиг йаьккхина. И дика кхиам бу. Цул хьалхарчу къовсамехь а яьккхира студентко 2-г1а меттиг.

Исламова Жаннатна 2-чу даржан диплом делла, кхин совг1аташ дина. Дала т1аьхье беркате йойла!