Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Берх1итта шо кхечи, Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобал дойла цуьнан) вайца воцу. Иза боккха иэшам бу нохчийн къомана.

10.05.2022

 Ахьмад-Хьаьжа санна болу къонахий эзар шарахь цкъа бен ца бовлу. И башха, бакъволу Къонах вайн къоман бакъволу баьчча вара, шен дерриг а дахар вайн махкахь машар х1отторна лерина волу.  Т1ом чекхбаккхаран, нохчийн пачхьалкхалле д1ах1отторан мехалчу балхо новкъарло ца йора цунна, къоначарна дешаран хьелаш вовшахтоха. Дешарна т1ехь тидам латтор Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн ира хьекъал генна хьалха кхевдаш хиларан къеггина тоьшалла дара. Ахьмад-Хьаьжас къоман кханенан ойла яр бахьана долуш, вайн кегийрхой керлачу школашкахь, колледжашкахь, университеташкахь тайп-тайпана говзаллаш 1амош бу, маьршачу, ирсечу Нохчийчохь.  Мел дукха хан яларх, нохчийн къомо цкъа а вицвийр вац шен бакъволу турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа!  Дала г1азот къобал дойла цуьнан!