Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

«Нохчийчоь–сан дозалла!».

28.04.2022

Нохчийн меттан К1ира дерзош, С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу Гуьмсера хьехархойн колледжехь 11-2 курсан «А», «Б», «В» группашкахь хилира къовсадалар «Нохчийчоь–сан дозалла!».

Хьехархочо Малаева Загра Амхадовнас куьйгалла а деш, 1илманан-методически декъехула директоран г1овс Межидова Зарета Усмановна эксперт йолуш, студенташа язйира сочиненеш, кечдира пенагазеташ. Жам1 дар белхаш теллинчул т1аьхьа хир ду, тоьлла студенташ билгалбахарца. Колледжехь лерина д1ахьош ду, хинболу хьехархой ненан матте безам болш кхиор. Дала т1аьхье беркате йойла.