Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

26-чу апрелехь С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу Гуьмсера хьехархойн колледжехь хилира «Т1екхуьу чкъор г1иллакх-оьздангаллехь кхиорехь ненан меттан меттиг» ц1е йолуш студентийн конференци.

26.04.2022

Конференци д1ахьош берш, вовшахтоьхнарш бара 1илманан-методически декъехула директоран г1овс Межидова Зарета Усмановна, нохчийн меттан, литературин хьехархо Умаров 1абдулмуслиман Лом-1ела, 3-чу курсан студентка Исламова Жаннат. Кхоалг1ачу а, хьалхарчу а курсийн студенташ гулбеллера колледжан актови зала чохь. Межидова Заретас, Умаров Лом-1елас, Исламова Жанната чулацаме докладаш йира нохчийн маттах, цуьнан хьалдолш хиларх лаьцна. Гулбеллачара резахиларца ладуьйг1ира шайн дешаран накъосто, Исламова Жанната динчу къамеле. Гуш дара, докладчик ненан маттах, цуьнан хинйолчу кханенах доглозуш хилар. Теша лаьа, иштта ненан матте болчу безамца кхиъначу кегийрех дика хьехархой хирг хиларх. Дала т1аьхье беркате йойла!