Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Тахана, 25-чу апрелехь, нохчийн меттан Дийнахь, оцу башхачу дезачу денна лерина мероприятеш д1аяьхьира С.С-А.Джунаидовн ц1арах йолчу Гуьмсера хьехархойн колледжехь.

25.04.2022

Колледжехь к1езиг бац белхан зеделларг долу хьехархой. Царах цхьаъ ю Джумаева Междан Куржан. Цо елира 9-2 курсан «Д» группехь шен чулацамца к1орггера маь1на долуш, нохчийн маттахь урок «Ненан мотт, хьо бека бисалахь!»  Урок хаарийн къовсадаларан кепехь яра. Студенташа, шина тобане бекъа а белла, гайтира, шайна ненан мотт безарал совнаха, и бевзаш, хууш хилар. Маххадорхошна юкъахь бара: директоран г1овсаш Абдрахманова Раиса Шараниевна, Межидова Зарета Усмановна, нохчийн меттан хьехархой Эпендиева Сижан Сайдалиевна, Умаров Лом-1ела Абдулмуслимович. Жюрис хьакъболу дика мах хадийра урокан, къамел дира нохчийн меттан Де даздаран мехаллах, иштта хинболчу хьехархошна хьалха лаьттачу жоьпалле декхарех а.  Дала т1аьхье беркате йойла!