Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

25-г1а апрель Нохчийн меттан Де д1акхайкхийна 15 шо кхочу тахана.

25.04.2022

2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президент волчу Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана куьг яздеш, арадаьккхинчу Указах доккха хазахетар а, беркат а хилира вайн махкахь. Бакъонца мехкан деза де хилла д1ах1оьттина и хилам. Мотт–къоман хиларан, кхиаран г1ирс бу. «Мотт бу–къам ду, мотт бац–къам дац», лаа аьлла ма дац. Нохчийн къомах т1аьххьара стаг виссалц, вайн ненан мотт бехарг хиларх тешна ду вай. Ала лаьа, вайн Мехкан Куьйгалхочунна Рамзан Ахматович Кадыровна а, меттан говзанчашна а, Дешаран, 1илманан министрана Дааев Хож-Бауди Буаровичана а, нохчийн меттан хьехархошна а, даггара баркалла.  Дала сий ойбуш, латтабойла, 1алашбойла вайн хьоме нохчийн мотт!