Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

25-чу апрелана, Нохчийн меттан денна лерина д1ахьош ду ненан меттан к1ира.

23.04.2022

Пачхьалкхан бюджетни корматаллин дешаран хьукматехь «С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу Гуьмсера хьехархойн колледжехь» 25-чу апрелана, Нохчийн меттан денна лерина д1ахьош ду ненан меттан к1ира.  Оханан беттан 23-чу дийнахь 9-1 курсан «А» группехь д1аяьхьира «Нохчийн маттахь–нохчийн маттах» ц1е йолу йиллина урок. Нохчийн меттан, литературин хьехархо Умаров 1абдулмуслиман Лом-1ела вара урок елларг. Студенташа йийшира нохчийн поэтийн-классикийн ненан маттах язйина стихаш, х1ора байтан анализ а еш, гайтира, шайна вайн маттах лаьцна долу халкъан кицанаш девзаш хилар, иштта къоман 1адатех, г1иллакех дийцира. Урок чулацаме хилла ца 1аш, кегийчарна маттах, къоман г1иллакхех шортта пайдехь долу хаарш луш а нисъелира.