Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Тахана, нохчийн меттан Денна леринчу к1иранан мероприятешца нийса а дог1уш, колледжехь д1адаьхьира кхин цхьаъ а дешаран де.

22.04.2022

Студенташа доккхачу жоьпаллица кхочушдо шайна т1едехкина декхарш, дика хаарш гойтуш, д1ахьо, шаьш кечйина урокаш яларан болх. Иштта яра 11-2 курсан «А» группин студенткас Хажмирзаева Миланас гайтина урок а. Нохчийн меттан урокан ц1е «Терахьдош» яра. Къоначу «хьехархочо» дика хаарш гойтуш д1аяьхьира урок, гуш дара, цо лерина кечам бина хилар, программни материал цунна дика евзаш хилар а. Урокан ерриг этапаш кхочушъеш, классаца юьззина уьйр йолуш, хаза д1аяхара урок. Гулбеллачара лакхара мах хадийра Хажмирзаева Миланас биначу белхан. Методист Маллаева Загра реза яра шен студенткина. Дала т1аьхье беркате йойла!