Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Пачхьалкхан бюджетни корматаллин дешараран хьукматехь «С.С-А.Джунаидовн ц1арах йолчу Гуьмсера хьехархойн колледжехь» 9-3 курсан студенташа гайтира йиллина урокаш.

04.04.2022

Уьш дешаран практикица нийса йог1уш яра. Массара а езаш т1елецира Исламова Жанната гайтина нохчийн литературин урок. Урокан ц1е яра: «Шаид Рашидов. Даймахке безам». Маршалла хаттар, урокан д1ах1оттам, мотиваци яр, урок д1аяхьар, ерзор, жам1 дар, рефлекси яр, ц1ера болх балар–ерриге этапаш хила ма-еззара д1аяьхьира къоначу «хьехархочо». Хиттош долу хаттарш, «дешархоша» луш долу жоьпаш–корматаллин лаккхарчу т1ег1анехь дара. Талламхой реза бара Исламова Жаннатин балхана, урокан хьакъ болу лакхара мах хадийра гулбеллачара. Ала деза, талламхой нохчийн мотт дика хууш а, хьехаран зеделларг долуш а хилар: директоран хьалхара г1овс Дааев Вахахьаьжа, УПП заведуюши Абдрахманова Раиса, ОО заведующи Цуруева Залина, нохчийн меттан хьехархой Дециев Вахарсолта, Эпендиева Сижан, Умаров Лом-1ела.