Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Пачхьалкхан бюджетан корматаллин дешаран учрежденехь «С.С-А. Джунаидовн ц1арах йолу Гуьмсера хьехархойн колледж» дешархошна йуккъехь д1абаьхьира «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» ц1е йолу къовсам.

21.03.2024

Пачхьалкхан бюджетан корматаллин дешаран учрежденехь «С.С-А. Джунаидовн ц1арах йолу Гуьмсера хьехархойн колледж» дешархошна йуккъехь д1абаьхьира «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» ц1е йолу къовсам. Къовсаман 1алашо: - вайн мотт уггаре исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; - ⁠дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте а , 1аламе а бовха безам кхоллар. Дешархошна т1едиллина дара «Нохчийн х1усамехь хьаша т1еэцар» ц1е йолу темина сочинени йазйар. Массо декъашхочо 1аламат хаза болх бира. Нохчийн мотт мел беха, нохчийн къам дехар ду, кхуьур ду. Вайн декхар ду, вайн мотт мелла а бийцар.