Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"

Пачхьалкхан бюджетан корматаллин дешаран учрежденехь «С.С-А. Джунаидовн ц1арах йолу Гуьмсера хьехархойн колледж» дешархошна йуккъехь д1абаьхьира «Нохчийн меттан говзанча-2024» ц1е йолу къовсам.

12.03.2024

Пачхьалкхан бюджетан корматаллин дешаран учрежденехь «С.С-А. Джунаидовн ц1арах йолу Гуьмсера хьехархойн колледж» дешархошна йуккъехь д1абаьхьира «Нохчийн меттан говзанча-2024» ц1е йолу къовсам. Къовсаман 1алашо: - вайн мотт уггаре исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; - ⁠дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте а , 1аламе а бовха безам кхоллар. Дешархошна т1едиллина дара "Вайн дахарехь 1аламан маь1на» ц1е йолу темина эссе йазйар ораматийн а, дийнатийн а ц1ерш йукъа а йалош. Массо декъашхочо 1аламат хаза болх йазбинера, делахь а, муьлхачу къовсамехь толамхо билгалволу, иштта кху вай къовсамехь уггар хаза а дика а эссе йазйинарг къастийра. Нохчийн мотт мел беха, нохчийн къам дехар а, кхуьур а ду. Вайн декхар ду, вайн мотт мелла а бийцар.